"Къобал ца до аса къолахойн низам." Кадыров а, нохчийн криминалан хьалханчаш а
Оьрсийчуьра "низамера къуй" криминалан йукъараллехь лаккхара меттигашкахь бу. Цара зуламхошна тIеIаткъам бо, йукъараллин дахарехь жигара дакъалоцу, низамза наркотикийн йохкар-эцар леладо, герз духку, жимачу а, йуккъерчу барамера бизнесна "бIаьрг-Iуналла" латтадо. Нохчийн "низамера къуй" муха хилла бу, царех Кадыров Рамзанан рожо хIун пайда оьцу, дуьйцу Кавказ.Реалии сайто. Оьрсийчоьнан мехкашлахь нохчийн дуьххьарлера йукъараллаш хила дIайуьйлайелира 1970-чу шерашкахь, республикин дуккха бахархой белхаш лохуш республикел арабовла буьйлабелча. Читать дальше...