Францера историн хьехархо верах лаьцна комментари йазийна нохчо терроралла къобалдарна бехкевеш ву
Ставрополан махкахь 19 шо долу нохчо терроралла къобалйарна бехкево. Кхо шо хьалха комментари йазйина хиллера цо нохчочух Анзоров Iабдулах лаьцначу видеона кIелахь – Charlie Hebdo журнало Мухьаммад пайхамарна йехкина картикатураш гайтина волу хьехархо Пати Самюэль 2020 шарахь вийнарг ву иза. Расул цIе йолу Георгиевскера вахархо ву вуьйцург (цуьнан фамилии йоккхуш йац. – Билг.) – Анзоровх лаьцна йолчу видео кIелахь цо кхо эмодзи йитина боху: лом, ирх хьажийна пIелг, дог а, йаздо "Сапа Кавказ" телеграм-канало. Читать дальше...