"Ша йохийна - ша метта а хIоттийна". Путинна Нохчийчоьнан уггар лаккхара совгIат стенна дина Кадыровс
ГIадужу-баттахь Кадыров Рамзана дIахьедира Путин Владимирна Нохчийчоьнан уггар лакхара совгIат даларх – шен ден Кадыров Ахьмадан цIарах орден. "Регион меттахIоттайарна" аьлла билгалдоккхуш делла президентана совгIат. Политологашна хетарехь, къаьсттина 1999-чу шарахь Нохчийчохь дIакхайкхийначу шолгIачу тIамо вира Путинах президент. Иза веачхьана эзарнаш нохчий лечкъийна, байина, дуьххьара долийна меттигерчу харжамашкахь фальсификацеш лелор, ткъа Соьлжа-ГIала дуьненан ШолгIачу тIамера схьа лерича, уггар а хIаллакйина гIала лерира. Читать дальше...