Адыгейхь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а дуьхьал хилла Кадыровн кIантана совгIат дан – "Верстка"
Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь лаьцначунна йиттинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Кадыров Адамна тIехIитта реза ца хилла ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Адыгейн а Iедалхой, къоман совгIаташ ца дина цара. Оцу кепара дехар кхаьчнера цаьрга Кадыров Рамзанан администарцин векалшкара, йаздо "Верстка" сайто. Хьалхо 15 шо долчу Кадыров Адамна ГIезалойчоьнан шолгIа лакхара а, Кхарачой-Чергазийчоьнан лаккхара а совгIаташ делира – оцу субъекташна хьалха цо гIуллакхаш дарна. Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалша дехар дира ГIебарта-Балкхаройчоьнан а... Читать дальше...