Нохчийчуьра, Дагестанера схьабевлларш балха ца оьцу бохург "фейк" йу аьлла Wildberries компанино
Нохчийчуьра, Дагестанера схьабаьхкина нах балха цаэцар шен белхалошна дIахьедина ду интернетехула хIуманаш йухкучу Wildberries компанехь, аьлла дIахьедира Baza телеграм-канало, шега и аьлларг мила ву ца дуьйцуш. Амма фирман пресс-белхалоша шайн Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь и бакъ дац, и хаам "фейк" йу элира. Baza-н хаамца, Дагестанера вахархо Домодедово балха хIотта вахча, хьо Дагестанера ву аьлла, балха ца эцна. Цкъа хьалха церан белхалочо-зудчо аьллера иза, йуха неIаран гIаролехь волчо тIечIагIдира. Читать дальше...