Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхело йалхазза лахдина Соьлжа-ГIалин вахархо бехказа хьийзорна догIу компенсаци
Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело йалххазза лахдина Соьлжа-ГIалин вахархочун Вахаев Салахьан компенсаци. Иза масех шарахь бехктакхаман гIуллакхехь дилли хьийзорна цунна догIуш долу миллион соьма тIера 150 эзар соьма тIекхаччалц ахча ду. Кхеле латкъам белира Оьрсийчоьнан финансийн министралло. 2006-чу шарахь Нохчийчуьра Курчалойн кIоштан прокуратурин талламхочо итт стагана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра. Царлахь вара харцхьа леларна, ницкъбарна бехке хеташволу Вахаев. 2007-чу шарахь Шела гIалин кхело и гIуллакх прокуратуре йухьахьажийра... Читать дальше...